ТIекхочийла долу линкаш

Бекхталламан гIуллакх долийна «Грозный Авиа» компанин директорна дуьхьал, стохка аьхка дуьйна шен сутараллица белхахошна алапаш дIа ца луш хьедарна. Кассехь а, чоьта тIехь ахча доллушехь, оцу заманчохь директора сецийна, вовшахкхетта декхар ду 3, 259 миллион сом, дуьйцу REGNUM агенталло, Талламан комитетан хаамашна тIе а товжуш.

Дуьххьара дац 47 шо долу авиакомпанин директор, ахчанаш сецор бахьана долуш, талламчийн бIаьргаша лоцу.

Стохка шо долалучу хенахь 5 баттахь белхалойн алапа дIа ца делла аьлла, аьрзнаш дича, директор кIелхьаравалийтира 35 эзар сом гIуда текхча.

Куьйгалхо бехкехилар тIечIагIдахь, 2 шарера 5 шаре кхаччалц хан йогIу цунна набахтеь яккха.

Иштта дехка догIу цунна 5 шерачохь хьаькаман даржашкахь белхаш бар а.

XS
SM
MD
LG