Китайн пачхьалкхан телехьожийлехь гайта а гайтина оцу мотора болх бен низамаш. Дийцарехь, цхьанна а тайпа схьаоьцуш энерги а йоцуш, болх беш мотор бу иза.
Ткъа цо схьалучу энергино иза космосе йоьдучу ракетан тIехIоттича тIехсов чехкаллийца лелар ю адам кхачанза йолчу меттигашкахула. Масала, Маьлхан системи чуьра араяккха, и мотор тIехь болчу ракетан масех бутт бен оьшур бац. Марсан тIекхачар а аттачу дера ду бохуш дуьйцу мотор бинчара.
Физикехь дика ца кхетачарна хаийта цхьаболчу эксперташа оцу моторан болх бар ду боху, масала, цхьана боттан чу хаийначу стага цуьнан пенаш дIататтар санна. Хууш ду чуьра ахь уьш теттича, ботт меттах ера яц, арахьара хьан дIагIорто ког ца хилча, амма оцу моторан чохь кхоллалучу магнитан микроволнийн лестамаша иза цуьнга дойтуш ду боху китайхоша.
Тамашийна дерг ду, тахханалц иштта саццаза болх беш болу мотораш бина аьлла кхайкхича а, царах комментари ца йора физикаша а, кхечу Iилманчаша а. Дукха хенахь дуьйна лоруш ду, саца а ца соцуш, ша шех болх бо мотор балуш бац, цо физикан коьрта низам: энерги ша шех ца йолу, иштта дIа а ца оьду бохург харцадо дела.
Амма китайхоша бинчу оцу моторан дукха наха комментареш йина, могIарера физикан тIера дуьйна, NASA –н тIекхаччалца. Емал еш берш а бу, амма цуьнан балхан тIехь кхиагIерташ а бац кIезга.
Нохчийчура Iилманан академийн вице-президент Дадашев Райком ша физик ву. Иштта мотор балур бац цхьангге а аьлла, шена цуьнах хетарг довзийтира цо Маршо Радиога вистхуьлуш.
Дадашев: "Ша шех болх бен мотор-кху бIешеран бала бу. Цхьана ца догIу иза физикан мел долчу низамашца а, энерги Iалашъяран низамца а. Иза далур долуш хIума дац. 1710 -чу шарахь схьадиллинчу энерги Iалашъяран низамца магош дац иза. Иштта хIума йича вайн мел хIума хуьйцур дара. Иза дина хилча оьшур дацара мехкадаьтта а, кIора а, маьлхан а, хинан а энерги а. Цуьнах кхета хала ду".
Ала догIу, Нохчийчохь а бац кIезиг физикан низамаш дохош болу мотораш дийр долу нах. Дадашев Райкоман тIе а кхочу уьш. ТIаьххьарчу хенахь дукха а баьржина уьш бохуш арз дора цо.
Алсултанов Муса ву царах цхьаъ. Амма иза а тIаьхьарчу хенахь кхетта иштаниг балур боцийла. Цо а шен мах хадийра китайхоша бинчу моторан.
Алсултанов: "Бакъ дац иза. Церан шай цхьа хIилла ду цигахь. Со а хаьжна цуьнга интернетехула. Иза бийр а бац, балур а бац. Суна билггал хууш ду иза".