ТIекхочийла долу линкаш

Цхьанне къайле яц кIирнах шозза-кхузза а, хIора а баттахь мосуьйттаза а урамашкахь, некъашкахь цIано ян арабохуш махкахь Iедалан балхахь мел болу бахархой. Массо хьукхмат-урхаллашна, хIора хьаькамана ша мичара мича кхаччалц жоьпалле ву а хууш, дIасаекъна ю цIано латто еза меттигаш.

Цундела мелла а цIена го кхузахь некъан йисташ а, урамаш а. Амма изза ала йиш яц некъана жимма а юьстаха йолчу бай-майданашкахь а,садаIа бIегIийла долчу куьцечу, тийначу, бIаьрг белочу Iаламехь а, хинан бердашца а, ур-аттал дежийлашкахь а.

Массо меттехь цхьа билгало ю - нехаш, нехаш, нехаш…Теркаца йолчу цхьана кIоштехь хьехархо хиларе терра хIора а кIирнах некъан йисташ цIаньеш чIурам тIоьрмигаш, массо кепара шишанаш, беттанаш лехьо араволучех цхьаъ ву Саидов Эми. Iедалдайшка, полисхошка - хьаьнгга орца аьлла а совцо безара Iаламан бехдийраш боху цо.

Эми: "Юх-юха а нехаш яржош волчунна ас хаза нехан сан таIзар дойтур дар-кх, сайн аьлларг хилча. И болх бийраш, са а къоьрий, юха а ца хьовсуш дIабоьлхуш берш дукха хьолехь цхьаIаш ма бу.

Iедалхой а, низамхой а ара а бевлла ян лаахь цу декъехь къепе латталур ма ю. Лаам хила беза. ГIуданаш дета дезара тIетаьIIа. ХIора кIирнах цIаньеш ду некъаш а, кхийолу меттигаш а. Ши-кхо де далале изза-м хуьлу".

Новр кIоштан дарбанан цIийнехь бахаман хьаькам ву Висханов Масхьуд. Кхо чакхарма сов некъ бу боху цо цIано латтае аьлла шайх тешийна. Миччахьа кхайкхийна а, оьздангалле беха безара нах, кхета цатуьгучунна гIуда а тухуш. Ишта ду цунна хетарг.

Масхьуд: "ХIора кIирнах, цкъацкъа-м шозза а, и сан машен юттий даккхий тIоьрмигаш чохь и нехаш, кхаьллеш схьагулйо-кх оха, некъан йистошкара. Валлай хаац сунна-м маьждигашкахь, гуламашкахь кхайкха а деш, хIума ца дахь, я полисхой дIа а хIиттийна гIуданаш ца деттийтахь, юхабовлуш-м бац нах. Оха-м шозза, кхузза хьун а цIанйина".

Iедалхой а, я Iеламнах а цхьа наггахь хьахадар доцург Iаламан цIеналлин бала кхочуш а бац, экологи бохург царна хIун дан хаац.

Бежнийн дежийлаш,2017 шо
Бежнийн дежийлаш,2017 шо

Дуьйцуш цхьаъ а долуш, Нохчийчохь санна Iаламан сий-ларам беш йоцу кIошташ дукха хир яц. Ишта ойла кхобучех ву ас цIарца ца вуьйцуш вуьту Соьлжа - ГIалин юххерчу цхьана эвлара къано.

Къано: "Цхьа наггахь хьахадар доцург Iаламна сагатдеш нах хьаькамашлахь дукха бац. Чуьра дуьйна, ишколера дуьйна схьа, бала а болуш хIума ца хилча юьхькIаме хIума дац хIара. Iедалан цIарца дохош ду Iамал. Оцу Органна чу мел кхуьссу нехаш йоккха чот ю. Кегий долуш дуьйна берана кхетаме дилла ма деза, нана-Iалам сийдар деза хилар, ял йолуш хIума хилар.

Iилманчаша боху, хьажахь, кхечу пачхьалкхашка инфарт, инсульт лазарш алсам ду. Делахь а церан баларш кIезиг ду боху, стенна аьлча цара лело дарбанаш эвсаре ду. Кхузахь и аьттехьа а ма дац, тIаккха Iалам лар ца дича кхин а сихлур яц и цамгарш? Телерадиохь кхайкхо дезаш ма дара, Iаламан дозалла, ненан сий санна и лардан дезаш хилар а".

Iаламан тIалам цабаран хьокъехь хIинцца къамел динчу къаночунна хетарехь, дерриге кхидерг тIаьхьа а теттина, Iедалан хаамийн гIирсаша уггар хьалха дийца даккха дезаш дара, хам-пусар доцуш, хIайраза хIаллакдеш долу Iалам.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG