ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ярославан кIоштахь Сталинна хIоллам ца хIоттабойту Кадыровс


Ярославан кIоштахь Сталин Иосифна хIоллам хIоттабарна дуьхьало еш низаман проект къобалйина Нохчийчоьнан Iедало. Оьрсийчоьнан «Би-би-си» сервисо бинчу хаамца, Кадыров Рамзанан администрацин урхалхочо Усмаев ВахIида куьйгяздинчу кехат тIехь хаийтина реза ца хиларх.

Ярославерчу думан депутаташа Балабаев Сергейс а, ПАРНАС партин депутата Цепенда Василийс а Зазадоккхучу-баттахь парламенте кховдийнера Сталин вазвар юхадендан Iалашонца низаман проект, амма парламенто тIе ца эцнера и.

Документан авторш дагахь хиллера хIолламаш, бюст хIотто, керлачу географин объекташна, эвлашна, некъашна Сталинан цIе тилла а, иза къаьмнашлахь бакъван а, хаамийн зорбанашкахь цуьнан суьрташ даржо а.

Карладоккху, кху шеран Чиллан-баттахь Кадыров Рамзана неIалт кхайкхийнера Инстаграмерчу шен агIон тIехь Сталинна а, Берия Лаврентийна а, нохчийн къам махках даккхарна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG