Заводской кIоштан Талламан комитетан белхахоша кхеле дIахьажийна меттигерчу 43 шо долчу яхархочо курхалла лелоран хьокъехь материалаш. Талламаш дIахьочу муьрехь гучудаьлла, оцу зудчо 2003-чу шарахь пачхьалкхан хьукматан долара 130 000 эзар сом доьху лаьттара дакъа харцонца шен цIартIе дьккхина хилар.
Шена хуушехь хьалххе харц документаш а кечдина, Мэрин бахаман-лаьттан юкъаметтигийн Комитетан 600 еакIов метаршкахь дакъа шен дола дерзийна хилла цо.
Низамашца а догIуш, таIзар кхачадо зудчунна 100 эзар сом гIуда я ши шо гергга набахтехь яккха хан.