ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иракъера бераш далош кема деана Москох


Москохарчу Домодедовн аэропортехь кема доьсина Иракъехь дех-ненах хаьдда дисина ши бер далош. RT агенталло яздарехь, берийн цIераш ю Хусейнова Хадиджа а, Дакаев Iадлан а. Уьш даймахка далош веана Кадыров Рамзанан векал Сабсаби Зияд.

Оьрсийчоьнан омбудсменан Кузнецова Аннин хаамашца, Иракъера а, Шемара цIа дерзо кхачош ду 500 гергга бер. Террорхойн тобанех детталучу дас-нанас шайца дIадигина хилла уьш оцу пачхьалкхашка.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG