ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Социалан машанашкахь террорхой лоьху нохчийн Iедало


Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло тIедожорца, «ВКонтакте» социлан машанан администрацино дIакъевлина шина юкъараллан аккаунташ, «Исламан пачхьалкх» шех олучу тобанах материалаш яржорна. «Новости» агенталло бо и хаам.

Байна бутт юккъе баьллачу хенахь экстремизмна дуьхьало латторан Центран белхахошна интернетехь мониторинг дIахьочу заманчохь карийна и ши ресурс.

Чоьхьарчу министраллан зерашца, кху шарахь террорна а, экстремизмна а пропаганда ен 33 интернет - ресурсна блок хIоттийна, низамашца а догIуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG