ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Махаури Тимур вийнарг видеокамеро гайтина


Махаури Тимуран машен эккхийтинарг видеокамеро лаьцна бохуш, яздо "Українські новини" портало, чоьхьарчу гIуллакхошна тIе а тевжаш. Оцу видео тIехь дикка къаьсташ ву, Махаурин машенчу йиллина бомба геналлехь эккха а эккхийтина, Бессарабан майданарчу лаьттабухарчу дехьаволийлехь къайла волург.

Хьосташа дицарехь, талламчаша тIе ца дуьту, Махаурис ша шеца лелош хилла оьккхуьйтург иккхина хир ю боху верси. Радиосигналца бомба оькхуьйту механизм карийна зулам хиллачу меттехь.

Дахначу пIераскандийнахь Гуьржийчоьнан вахархочун Махаури Тимуран Toyota Camry машен эккхийтина Киев гIалахь. Цуьнца салон чохь хиллачу зудчунна чевнаш йина.

Украинан Малхбалехь тIемаш бечу батальонан могIарехь вара Махаури. Кхо шо хьалха 5 нохчо вийна аьлла бехкевина лаьцнера иза туркойн Iедалша. Иштта дуьйцура иза Кремлна болх беш ву бохуш а.

Туркойчоьнан медиаша даржийра, Басаев Шемал вер а цунна тIехь ду бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG