ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Бехк боцуш набахте хьажийна лор"


Нохчийчоьнан Лаккхарчу кхелехь кху деношкахь листина лоьрана дуьхьал даьккхина дов. Соьлж-ГIалара нехан долахь йолчу клиникехь болх бина Григорьев Олег бехкевора цо операци йинчул тIаьхьь 16 шо долу кIант велла хиларна. Стохка Ленинан кIоштан кхело лор бехке а вина, 3 шо набахтехь даккха, хан туьйхира.

Оцу гIуллакхех а, цуьнан башхаллех а лаьцна дуьйцу зен хиллачу агIонан адвоката Ицлаев Доккас.

Ицлаев: "Мерачуьра ога гара ду аьлла, операци йина оцу кIантана. 30-40 минотехь еш операци ю иза. 2 сахьтехь 40 минотехь йина иза оцу кIантана. Кхачо йоллуш бан оьшу талламаш а ца бина цуьнан могашалла зуьйш, операци яле хьалха.

Шина анализан жамIаш карахь а долуш йина иза. Операци йинчул тIаьхьа кIант метта веъна. Амма багара цIий оьхуш дIаваьлла. Ас хаьттира оцу лоьре, уллехь оцу хенахь хьо хиллехьара иза лийра варий аьлла. Муьлха а лор оцу хенахь цунна уллехь нисвеллехь, лийр вацара иза, элира цо".

Кхераме йоцучу операцех къона кIант валар толлуш дуккха а кхачамбацарш гучудевла хилла таллам дIахьочу хенахь. Къаьстина оцу лоьро дукха чоьте оьцуш а ца хилла шен белхан декхарш а, цхьацца барамаш а. Иштта, Ицлаев Доккас бахарехь, шена дага а догIуш лоьран тIехь пациент велла аьлла и дуьххьара дов дара дIадаьхьнарг.

Ицлаев: "ТIевеана говзанча ву аьлла нах дуккха а тIеоьхуш хилла цунна. Амма теллича, цо и болх воно вон беш хилла. Лоьраш шаьш мел динарг дIаязъян дезаш ду: операци муха дIаехьира а, иштта кхин дIа а. Цо иза деш ца хилла.

Вайн нохчаша велла стаг этIа ца войту. Цунна тIе а тевжаш, некъ лаьцнера цо а цуьнан адвоката а. Низамо боху 238 артикалца стаг валар хиллехь, цунна лоьрийн дина гIо кхачам болуш хиллийла къасто деза. Кхел цуьнах кхета а кхетта, шен сацам бира. Суна хетарехь, иштта лор бехке а вина, чувоьллина дуьххьара гIуллакх ду-кх хIара".

ХIинца Нохчийчурчу шина а кхело хийца а ца хуьйцуш битинчу сацамна реза воцу Григорьев, шен авдокатехула кехаташ чудала кечдеш ду Москохарчу Лаккхарчу кхеле. Адвокатан Куницын Александрна хетарехь, кхелехь цхьанна а тайпан Григорьевн бехк къастийна бац аьлла.

Куницын: "Григорьевх лаьцна аьлча, суна хетарехь цуьнан цхьанна а тайпа бехк къастина бац. Кхелан сацамца а къастийна бац иза. Оха арз дийр ду цунна. Республикан кхелан президиуме а девр ду тхо. Со тешаш-м вац и сацам республикехь хуьйцур бу аьлла. Григорьевн позици иштта яра: сан цхьа бехк белахь, цунна тоьшаллаш хила деза. Тоьшаллаш данне а дац. Цхьа а тоьшалла-м дац. Цхьа а!".

Лоьрийн гIо оьшуш меттиг ю Нохчийчоь. Шортта схьайиллина кегий клиникаш а ю кхузахь. Цу чохь болх беш бу арара тIебаьхкина говзанчаш а. Тамашийна делахь а уьш нохчий ца хилчхьана, милла а хилча реза хуьлу махкара бахархой церан уьрсан кIел бийша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG