ТIекхочийла долу линкаш

Канадехь арадолучу «Глоб энд мейл» газетано яздарехь, Канадехь тховкIело карийначу Нохчийчуьрчу гейна «вуьйр» ву бохуш, кхерамаш тийсина Торонтерчу нохчийн диаспоран векалша. Хьалхо «Кавказан узел» агенталло яздира, Нохчийчуьра гомосексуалисташ арабохуш операци йолийна, «Новая газетано» нохчийн Iедало хьийзош бу уьш аьлла хаам баржийначул тIаьхьа.

Канадерчу коммерцица йоьзна йоцчу Rainbow Railroad организацино гIодира 35 жимачу стагна Канадехь дIатарлуш.

«Глоб энд мейл» зорбано дийцарехь, байначу баттахь социалан машанехь Канадехь тховкIело еллачу нохчийн жимачу стеган доттагIалла тасаделла хилла цхьана кхечу стагца, Торонтохь цхьанакхета барт а бина цара.

Иза ган вахна кIант шина стага лаьцна, машенчу а тоьхна, кхерамаш тийсина хиллера, шаьш лаьттах вуллур ву хьо, бохуш.

Карарчу хенахь Канадан полицино лерина толлуш ду и гIуллакх.

XS
SM
MD
LG