ТIекхочийла долу линкаш

КIорггера тидам бича а го нохчийн юкъараллехь хилла хийцамаш. Дуккха а тIеIаткъам лайначу а, хIинца а ловчу а къоман тахане кхечу агIора ца хуьлийла а дац.

КIорггера тидам бича а го нохчийн юкъараллехь хилла хийцамаш. Дуккха а тIеIаткъам лайначу а, хIинца а ловчу а къоман тахане кхечу агIора ца хуьлийла а дац.

ХIетте а халахетарца билгалдоккху нохчаша шаьш, замане хьаьжжина хийца ца белча а ца бовлу нах. Хийла, нохчийн къоман тIум билгалйоккху шира ламасташ а, гIиллаккхаш а херлуш ду нехан бехкенна. Церан меттан хIинцалц ца хилла, тIеэцна маьттаза а, эвхьаза а гIиллакхаш ду.

Пхьоьхахь нах гулбелча цунна терго ца еш ца хуьлу. Шайна юкъахь хьагI-гамо, эвхьазлонаш, бераш муьтIахь ца хиларна, ур-аттала шай чуьра доьзалехь а барт ца хиларна бехк цхьанна а ца го Iедална бен.

ХIара аьхке йолаелча дуьйна Соьлж-ГIалахь болх бан йолаелла капиталан меттахIотторан программа. Петарийн гIишлош таеш, кетIара меттигаш, берийн ловзаран майданаш а кечъеш, дIабоьду и болх.

Кхачамбацарш доцуш-м дацара, амма наха шаьш йохайо, бехйо, цIан а йина дIахIоттийнарг.

Масала, берийн майданашкахь церан самукъадаккха цхьацца гIирс кечбина. ХIинцале уьш йохийна бераша, тIехьожуш шайн баккхийберш а болуш. Бер харцахьа мел лела а, цуьнах самукъа а долуш бу хIинцалера нах. Оцу хIуманан терго йина Соьлж-ГIалара вахархочо Абумуслимов Мовсара.

Абумуслимов: "Берийн цхьа майданаш ю кхузахь йина. Дийнахь а, буьйсана цу тIера ца буьйсуш, 2-3 дийнахь йохийна уьш. Тхо кегий долчу хенахь тхуна хьехарш дора. ХIинца хьуна некъ ца буьту, хьо дIавистхилча дуьхьал 30 дош олу. Шайн чуьра схьаду иза. Берашна хьехамаш беш белхьара цу тIе дера дацара хIара".

Кху тIаьхьарчу иттех шарахь тIехсов деста доладелла Соьлж-ГIаларчу бахархойн терахь. Ярташ дIатесина ю хIинца. Латта лелош, даьхний а кхобуш болх бан ца лаьа, цундела гектараш гергга керташ дIа а тийсина, нах петаршка бирзина, хIора шарахь церан кхин болх бац дебар бен, аьлла кхин дIа а дуьйцу Абумуслимов Мовсара.

Абумуслимов: "Тахана гIалахь вехаш ву со 6 соти латтан тIехь,кхуза хIун юьйра яра теша айса сайга а бохуш. 60 шаре гергга хан йолуш ву со. Тахана яккхий керташ охьа а тийсина, гIаличохь нехан петаршкахь Iаш бу цхьаболу нах. Оцу петарш чохьт 30 стаг хуьлу наггахь. Коммуналан ахча дIадала а ца лаьа царна. НеIарга баьхкича цаьрга девнаш а дохуш Iаш бу уьш".

Божарша цхьадолу хIума тидаме оьцуш а хир дац, амма зударех къайла хьур дац уьш. Шена къона чкъурах тусаделларг а, царна я хьехамаш беш бацахь а, я цара иза дIалоцуш бацахь а цхьаъ ду, бохуш дийцира Соьлж-ГIалара къаночо Салманова Зайнапа.

Салманова: "Шайн чохь Iад Iа дай-наной. Нехан неIарга а кхуьссуш лела бераш. Iедалан гIуллакх ма дац хьуна цIа а деана, царна хьехамаш бан. Шайн долахь петарш йолуш а бац и нах. Кху гIалахь санна дукха бераш хир дац. Уьш а дуьненчу доху, Iедало царах ахча ло дела.

Оьшуш деш а дац цара уьш. Арахь цхьаъ вониг деш хилча, каг ма е плитка аьлча, хьа яцара иза-м олий дуьхьала олу. Бераш оьшу дуй-даций хуур ду, буьйсанна 12 сахьт даьлча а арахь лелаш хуьлу-кх уьш".

Социалан машанехь нохчийн селхане а, тахане а хинйолу кхане а юьйцучу хенахь тIемаша нохчашна тIехь боккха Iаткъам бина олий, дийца буьйлало. Атта ду оцу бахьанашца бехкаш дIа-схьа теттар.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG