ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москох 8 эзар стаг кIелхьараваьккхина "лелхийтарех"


Russia – Russian police officers detain a participant of an unauthorized opposition rally in Tverskaya street in central Moscow, Russia, on Russia Day, 12 June 2017
Russia – Russian police officers detain a participant of an unauthorized opposition rally in Tverskaya street in central Moscow, Russia, on Russia Day, 12 June 2017

Шоьтадийнахь 8 эзар гергга стагна эвакуаци йина Москохарчу адамаш гуллучу меттигашкара, оьккхуьйтурш ю ехкина бохуш, харц хаамаш кхачарна. «Интерфакс» агенталло бина и хаам.

"Шоьтадийнахь телефоначухула лелхийтарш хир ду бохуш кхаьчна хаамаш харц хилла. Цхьана дийнахь и телефонан горгали бахьанехь 8 эзар гергга стаг араваккха дийзира кеп-кепарчу меттигашкара", - аьлла агенталле чоьхьарчу гIуллакххойн векало.

Цо бахарехь, харц орца бахьанехь, полисхойн дезна 40 анонимехь тоьхна горгали талла.

Шоьтадийнахь Москохарчу йохка-эцаран яккхийчу туьканашкахь а, кегийрхоша буьйсанна садоIучу клубашкахь а, кинотеатрехь а, Ярославан вокзалехь а лоьлхуьйтурш ю ехкаина аьлла, телефонехула орца даьккхинера, муьлш бу цахуучу наха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG