ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москох велла опера алархо Соткилава Зураб


Соткилава Зураб.
Соткилава Зураб.

Москох велла 80 шаре ваьлла опера алархо, СССР-н халкъан артист Соткилава Зураб. Цунах лаьцна хаам бина ТАСС агенталло, Йоккхачу театран инарлин директорна Урин Владимирна тIе а тевжаш. Урина дийцарехь, Соткилава цамгарца бала хьоьгуш вара еххачу хенахь.

Соткилава Зураб дуьненчу ваьлла 1937-чу шарахь Сухумехь. Жима волуш иза футболах ловзуш хилла, амма травма хиларна спортан карьера йита дезна цуьнан. Йоккхачу театрехь опера алархо санна иза болх бан волавелира 1973-чу шарахь.

Дуккхазза а Маршо Радион эфирехь хьаша хилла вара Соткилава Зураб.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG