ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Беляловн алиби ю, боху цуьнан адвокато


Ставропол-кIоштарчу Буденовскехь терроран тIелатар деш дакъалаьцна аьлла, лаьцна ву Нохчийчуьра Белялов Рамзан. Цуьнан гIуллакх луьстуш кхеташо хилла Ростох Къилбаседа Кавказерчу тIеман гонан кхелехь.

Беляловн алиби ю, боху цуьнан адвокато. Ткъа ша Беляловс чIагIдарехь, Буденовскана тIелатар деш иза хилла кхечу республикехь гIишлош ечу балхахь.

Ша бехке хилар тIе ца дуьту Беляловца цхьаьна кхеле озийна волчу Маздаев Мохьмада а. Талламхойн версица, Белялов а, Маздаев а дакъалоцуш хилла 1995-чу шарахь Мангал-баттахь Басаев Шемал коьртехь волчу тIемалойн тобано Буденовск дIалоцуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG