Кипран Iедалша шайн махкахо хилар, цуьнца цхьаьна Евробертан виза юхку Оьрсийчуьрчу а, Украинерчу а миллиардерашна, шайна юкъахь коррупци лелорна бехке бийраш а болуш, хаам бо The Guardian газето. Цо дийцарехь, 2013-чу шарахь дуьйна Кипран Iедалша 4 миллиард евро ахча даьккхина, «дошо виза» олучу схемица 400 гергга стагана паспорташ а доьхкина.
Кипрехь баха бакъо еллачу нахана юкъахь бу Украинин коммерцин банк йилина болу нах а, Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан хилла депутат а, чIагIдо газето. Церан цIераш йохуш яц. The Guardian-о дийцарехь, Кипро паспорташ деллачу нахана юкъахь бу «ондда политикан Iаткъам бан» таро йолу нах.
Инвестицеш йиначу нахана Кипран махкалла даларан программа йолийнера цу пачхьалкхехь 2013-чу шарахь. Цу схемица а догIуш, цу мехкан паспорт дезачу стага цигахь эца езаш яра 2 миллион евро мах болу хIусама я 2 миллион ах миллион дайъа дезаш дара пачхьалкхан компанийн акцеш а, облигацеш а эцна.