Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн урхаллан белхахой лохуш бу Марсхьокху-баттахь лар йоцуш вайна йишлакхархо Бакаев Зелимха, хаам бо РИА Новости агенталло.
Цу агенталлан хьастано дийцарехь, Бакаев лахахьара аьлла Соьлж-ГIаларчу полице дехар динера цуьнан нанас Бакаева Маликас Марсхьокху-беттан 17-чу дийнахь. Цо дийцарехь, Марсхьокху-беттан 8-чу дийнахь араваьллачул тIаьхьа цIа ца веана иза.