ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Спортхо Иванов верна Нохчийчуьра жима стаг лаьцна Москох


Москох лаьцна урс тоьхна спортхо-волавалархо Иванов Николай верна бехке хила мега аьлла шеко йолу стаг, хаам РИА Новости. Цу агенталлан хьастано дийцарехь, иза ву 25 шо долу жима стаг. Москох иза веана хилла Нохчийн Республикера.

Полицин векалша чIагIдарехь, цу стага даре дина ша спортхо вийна хилар.

Иванов велла мила ву ца хуучу стага урс тохар бахьана долуш. Инцидент хилла кху беттан 15-чу дийнахь Москох къилба-малхбалерчу кIоштахь, Инарлан Кузнецовн урамехь. Спортхочун тренеро Фролова Татьянас журналисташка дийцинера хьалхо, Иванов тIехIоьттина хиллера малар меллачу хулигано хьийзош болчу мехкаршна аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG