ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Life.ru: Спортхо Иванов вара дов даьккхинарг, боху тешаш


 Life.ru сайтан скриншот.
Life.ru сайтан скриншот.

Кху беттан 15-чу дийнахь Москох вийнера спортхо Иванов Николай. Цунна бехке ву аьлла полицино лаьцна Нохчийчуьра вахархо. Хьалхо хаамаш баьржинера цу стага ша бехке хилар даре дина аьлла.

Амма хIинца талламхоша иза а, тешаш а ле беш гучудаьлла дов даьккхинарш спортхо-волавалархо Иванов а, цуьнан накъостий а хилар, хаам бо Life.ru

Мехкарша дийцарехь, Иванов коча вахана хилла церах цхьанна. Сулунбек. Д цIе йолчу кIанта и мехкарий ларбеш гайх урс тоьхна Ивановна. Оцу минотехь Ивановн накъостий бевдда цигара, амма тIаьхьо цара лоьраш кхайкхина чов хиллачун. Дарбанан хIусаме дIавуьгуш Иванов велла.

Хаьлхо зорбанан гIирсаша яздора, Ивановна урс тоьхна хилла, иза мехкарий хулиганах ларбан гIоьртича бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG