ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дуьненчохь воцу кандидат Семенов шайн президент харжа кийча бу Оьрсийчуьра 18 процент бахархой


2018-чу шарахь Зазадоккху-баттахь хир болчу президентан харжамашца боьзна социалогин эксперимент йина "Левада-центро". Харжамийн анкетана юкъахтоьхна вара дуьненчохь воцу политик «Семенов Андрей», иза харжамашкахь дакъалаца лууш а ву, дуккха а наха а, Путин Владимира а гIортор еш а ву иза аьлла.

Цу экспериментан жамIаш гайтина Оьрсийчуьра 18 процент бахархой кийча хилар «Семеновгахьара» кхаж таса, Путина цунна гIортор еш хилар а бен кхин цу стагах шайна хууш цхьа а хIума а доцуш.

Кхаа декъах шина декъо жоп делла Семенов шайна вевзаш вац, Путина цунна гIортор йинехь а, цунна шайн кхаьжнаш дIадала дагахь дац шаьш аьлла.

«Левада-центро» дийцарехь, социологаша и эксперимент яр доьзна дара нахана хеташ ца хиларца Путинан метта президент кхин стаг хир ву аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG