Нью-Йоркехь дIайоьдучу Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан Инарлан ассамблейхь Оьрсийчоьнна критика йина Полшин а, Литван а куьйгалхоша.
Полшин президенто Дуда Анджейс, ООН-ан Инарлан ассамблейн 72-чу сессехь къамел деш, бехке йира Оьрсийчоь цхьаьнакхеттачу къаьмнийн принципаш йохорна.
Литван президенто Грибаускайте Даляс элира, Оьрсийчоьно Украинехь а, НАТО-н малхбалерчу дозанехь а лелош шантаж а, агресси а, адамашна гIело яр а ду аьлла.
Грибаускайтес къамел деш Оьрсийчоьнан делегаци чуьра араелира, хьалхаваьлла арахьарчу гIуллакхийн министр Лавров Сергей а волуш.