ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бисултанов Апти. Беттаса лекхачу буьйсанан кIоргенехь...


беттаса лекхачу буьйсанан кIоргенехь IиндагIа дазделча меттах ца валлал. Цхьалхачу ойлано барт хаттар кIордийна Са маьрша дуьту сан цкъа новкъа валлал беллачу доттагIийн IиндагIаш доьлхуче тоьллачу мостагIийн гIаларташ довче цкъа а малх ца гина мIаьргонаш йоьлхуче со кхача хьаьгна ву дашна дош товче. хийла сатийсинчу доккхачу дезарна эххар а хIара некъ юьхьара лоцуш сан-м велха хIун дара ша дита дезарна хIаваэхь лам техка Нохчийчоь йоцург. сан-м дита хIун дара цхьа ненан пекъар бен хIусам бен серлонийн гIонжагIахь лаьтта хIора а сан гIалат даггара декъалден цхьа чурт бен ден кошан гIовлангахь лаьтта. ахь хIинца воьлху верг велхаве хьайн къина хьевза верг хьовзаве дуьненан хазна стиглара воьсина кошара кхайкхина хьуна хIун бен яра сан гIийла назма. суна хIун бен дара аганан гIохкарш а тутмакхан гIоьмаш а вихкина латто суна хIун хьем бара цIе йоцу мохк каш я борзана чурт ца тов дакъаза лаьтта. сел къаьхьа дуьне вай вовшашна довзарна хьуна ду-кх тIаьххьара сан даредар а декъаза хилла со хьан марзо йовзарна декъала хилла со Нохчийчохь варна

XS
SM
MD
LG