ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Каталонин Iедалша шайн порташка ца дуьту Испанин хIордан кеманаш


Испани -- Каталони йозуш йоцуш хиларехьа боламан акци, Барселона.
Испани -- Каталони йозуш йоцуш хиларехьа боламан акци, Барселона.

Каталонин Iедалша шайн порташка чу ца дуьту, ГIадужу-беттан 1-чу дийнахь Каталони Испанех йозуш йоцуш хилар хьокъехь дIахьош йолчу референдумехь кхерамазалла ларъян цу кIошта догIуш долу тIехь гвардин эскархой а, полицин белхахой а болу хIордан кеманаш. Цунах лаьцна хаам бина еариндийнахь "Диарио" газето, цу регионан Iедалан векалшна тIе а тевжаш.

Масала, газето яздарехь, Палмос портехь дIахIотта дезаш долу хIордан кема дIахьажийна Мадридо шен Iуналлехь латточу Каталонин кхечу порте.

"Индепендьенте" газето яздо, цу тIехь Испанин чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахой бу, Каталонехь референдум дIахьош къепе латто хьажийна болу бохуш.

Дерриг а 3 хIордан кема ду ха дан дезаш Барселонан а, Террагонан а, Жиронан а порташкахь. Царна тIехь хила мегаш ву 4 эзар эскархо а, полисхо а.

Болчу хаамца, Барселонан портерчу белхалоша сацам бина ницкъаллин структурийн белхахой тIехь болу хIордан кеманаш тIе ца эца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG