ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Беларусе ваха кечлуш ву Кадыров


Гезгмашин-беттан 25-чу дийнахь Беларусин коьртачу гIала Минске ваха дагахь ву Кадыров Рамзан. Цунах лаьцна хаам бина Беларусин арахьарчу гIуллакхийн министраллан зорбанан сервисан куьйгалхочо Мирончик Дмитрийс.

Беларусин Iедалан векалшца Кадыровс дийцаре дийр ду индустрин кооперацех а, Нохчийчоьнна цхьацца юьртабахаман техника йохкарца а доьзна хаттарш.

Стохка Лахьан-баттахь Беларусин президенто Лукашенко Александара хьошалг1а кхайкхинера Нохчийчоьнан куьйгалхо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG