Публицист Стомахин 7 шо луьрча хьелашахь даккха хан тоьхна колоне хьажийра 2015-чу шарахь. Цунна бехке диллинарг ду террорхо хилар.
Талламхоша зулам лерира Стомахина 2013-чу шарахь Волгоградехь лелхийтарш дарна хьажийначу артиклехь яздинарг. Кхелехь тIаьххьара дош олуш Стомахина дIахьедар дира, и терроран тIелатарш «нийса бина бекхам бу» Оьрсийчоьно Нохчийчохь лелийнарг бахьана долуш аьлла.
Колонехь публицист дуккхазза а чувоьллина латтийна таIзар дон изоляторехь. Колонин хьаькамаш дуккха а хан яра иза бахте дехьаваккхийта гIерташ болу. Ткъа хIинца, бакъонашларъярхочо Эделев Глеба шен Фейсбукехь бинчу хаамца, Перман кIоштан кхело сацам бина церан дехар кхочуш дан.
«Мемориал» бакъонашларъярхой вовшахтохаралло доьху Оьрсийчуьрчу Iедалшка Стомахин маьрша ваккхар.