ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинин доза хадорна гIуда тоьхна Саакашвилина


Лвив кIоштарчу кхело бехке вина Одессан кIоштан куьйгалхо а, Гуьржийчоьнан президент а хилла Саакашвили Михаил, бакъо а йоцуш, Украинин доза хадорна. Суьдхочо гIуда тоьхна цунна 3400 гривна барамехь (130 гергга доллар).

Саакашвили кхелан кхеташонехь вацара. «Интерфаксо» дийцарехь, иза бахархошца цхьаьнакхетарш дIахьош вара Черкассан кIоштахь.

Товбеца-бутт чекхболуш Украинин президенто Порошенко Петрос дIадаьккхира Саакашвилигера цу пачхьалкхан махкахо хилар.

Гезгмашин-беттан 10-чу дийнахь шен агIончашца цхьаьна политико хадийра Полшин а, Украинин а доза.

Гезгмашин-беттан 12-чу дийнахь Украинин Iедалан векалша тIекхайкхира Саакашвили Лвив кIоштарчу кхеле.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG