ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ши шо долу йоI кхалхар хьокъехь таллам дIаберзийна Шеларчу прокуратуро


Маршо Радион архивера сурт.
Маршо Радион архивера сурт.

Нохчийчохь прокуратуран белхахоша дIаберзийна, ши шо долу бер далар хьокъехь шаьш беш хилла таллам.

Бохам хиллера кхушеран Товбеца-баттахь. Онда мох балар бахьана долуш, ши шо долчу йоIан тIебоьжнера кибарчигийн пен. Иза хуьлуш гена воцуш цуьнан да хиллера шен машен рагIу кIелла тоттуш

Жима бер кхалхар хьокъехь таллам бина Шеларчу прокуратуран белхахоша. Цара сацам бина, хиллачун цу беран да-нана бехке дац аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG