ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлж-ГIаларчу кхело 4 шо хан тоьхна "низамехь къу" лоручу Батукаевна


Батукаев Iаьзиз.

Соьлж-ГIаларчу кхело 4 шо хан тоьхна меттигерчу вахархочун 51 шо долчу Батукаев Iаьзизана, хаам бо primecrime.ru. Иза бехке вина некъахьовзамехь цуьнан карах стаг валарна.

Батукаев вевзаш ву криминалан гонашкахь "низамехь къу" олучу нахах ву бохуш. Иза бехке а волуш, некъахьовзам хилла 2014-чу шарахь. "Прайм Крайм" зорбанан гIирсо яздо, Батукаев чувоьллина Нохчийчохь, ГIиргIизойчоьнан Iедалшка иза дIа ца вала бохуш.

2013-чу шарахь ГIиргIизойчохь набахтера дIахецнера Батукаев, еза цамгар ловш ву аьлла. Оццу дийнахь иза лерринчу кеманца дIавахара Нохчийчу. ТIаьхьо гIиргIизойн Iедалша лехамашка велира Батукаев, иза цомгуш хиларан тоьшалла харц хилла аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG