ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хучиев Муслим - уггар а хьекъал долуш политик ву аьлла политологаша


Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан гонерчу нахах Соьлжа-ГIалин мэр Хучиев Муслим уггар а хьекъал долуш, йоза хууш стаг ву аьлла «Кавказан узел» агенталле, цара хаттам бинчу политрлогаша.

Еарийдийнахь гIалин думано юха а мэран даржехь къобалвина Хучиев.

Политологашна хетарехь, Хучиевн таро яц шен политика дIакхехьа. "Гуш ду, иза Кадыровн стаг хилар. Иза дарже хоржуш вац, хIоттош ву. Коьрта декхарш ду Хучиевн, Iедална оьшшучу хенахь тоъал нах гулбар митингашка а, акцешка а. Кадыровна ца оьшу эзарнашкахь нахана хьалха къамел дар, цунна миллионашкахь ладоьгIурш оьшу", - аьлла политолога Орешкин Дмитрийс.

Цул совнах, боху цо, Нохчийчохь къоьлла ю говзанчийн.

"Ткъа Хучиев уггар а лакхара Iилма долу политик ву Кадыровн гонехь. Цуьнан Iаламат дика хаарш ду, цо чекхъяьккхина Москохарчу университетехь журналистийн факультет. Кадыровн, Хучиев юкъаметтигаш тIехдика ю ала а ца тарло. Воккхачу хьаькаман а, цунна муьтIахьчу белхахочун а санна хетало цушиннан гергарло", - аьлла политолога Орешкин Дмитрийс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG