Махкарчу чоьхьарчу гIуллакхийн пресс-гIуллакххоша хаамбо, тIаьххьарчу дийнахь-бусий республикехь ши некъан хьовзам хилла хиларх.
Соьлжа-ГIалахь «Гранд-Чероки» машен тIетоьхна «Мерседес Е320» автомобилна. «Мерседесан» долахо чолхечу хьолехь Соьлжа-ГIаларчу дарбан цIийнан реанимацехь Iуьллуш ву.
ШолгIа зулам иккхина Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а ши вахархо юкъахь волуш. ТIехьа-Мартанарчу Закан-Юьртахь ши машен дуьхь-дуьхьал кхетаран бахаьанашца ший а машенлелорхо дарбан цIийнехь ву.
Карарчу хенахь инциденташ толлуш ду Iедал.