ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Подмосковьехь дагалоьцу Нохчийчохь эгнарш


Медицинан экспертиза дIаяьхьначул тIаьхьа къаьстина Подмосковьерчу кешнашкахь дIабоьхкинчу Нохчийчохь хиллачу тIемашкахь байинчу 266 эскархойх 135 цIершна, хаамбо Оьрсийчоьнан тIеман министралло. Биссинчийн цIераш яста гIерташ белхаш дIахьош бу кхи дIа а.

Оршотдийнахь эскархой дIабоьхкинчу меттигехь тезетан барамаш дIабаьхьина, цигахь царна лерина хIоллам хIотторна 17 шо кхачарца а дузуш.

Оьрсийчоьнан тIеман министралло а, «ТIемалойн вежаралла» организацино а вовшахтоьхначу барамехь дакъалаьцна 59 регионерчу эгначийн 250 дас-нанас а, Федерацин Кхеташонан векалша а, пачхьалкхан Думан депутаташа а, юкъаралхоша а, ишта, динан векалша а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG