ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Яценюк Арсений Оьрсийчоьнан Талламан комитетна дуьхьал иск кечъеш ву


Украинан экс-премьер-министран Яценюк Арсенийн пресс-секретара Лаппо Ольгас Фейсбукерчу шен агIонтIехь хаамбина, Яценюкан векалша Талламан комитетна дуьхьал Оьрсийчоьнан кхеле иск кховдийна, ша Нохчийчохь гIаттамхойн декъехь тIемаш бина аьлла, шена дуьхьал бехкзуламан гIуллакх айдарна.

"Адамийн бакъонашкахула йолчу Европан кхеле латкъам бан процесс йолош ву Яценюк. Тхо Еврокхелана тоьшалла дан дагахь ду, оьрсийн харц кхело дуьйцург бакъдоцийла хаийтархьама. Оха жоьпе озор бу Яценюкна дуьхьал гIуллакх мел даьккхина оьрсийн бу боху талламчаш а, кхелахой а", - яздина Лаппос.

REGNUM агенталло ма дийццара, Талламан комитетан хаамашца, Нохчийчохь хьалхара тIом боьдучу хенахь Яценюк Арсений оьрсийн эскаршна дуьхьал тIемалошца къийсамехь лаьттина ву.

Цара бахарехь, Яценюк юьхьанца «Арго» цIе йолчу Iазапхойн тобан декъашхо хилла, цул тIаьхьа иза дIакхетта «Викинг» олучу Музычко Александра куьйгалла дечу тобанах.

Музычко ву дика вевза Нохчийчохь хиллачу украинахойн тIеман тобанан куьйгалхо лаьттина Сашко Билый.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG