ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЗаьIапхочун пенси а сецадо Нохчийчохь


Шен заьIапчу кIантана догIу пенси схьа ца делла аьлла, мехкан прокуроре арз даьхьна Сатаева Эльзас. Прокуроро вовшахтоьхначу комиссина гучудаьлла, пенсахойн фондо арз динчу зудчун кIантана Сатаев Алиханна пенси хIоттийна хилар а, амма еххачу хенахь цунна и дIакхачош цахилар.

Хьукматан белхахоша бакъонца доцург лелорна, церан бехкана сецца хилла инвалидан пенси. Доллучунна духе кхиинчул тIаьхьа, Сатаев Алиханан пенсин хьокъехь бакъо юхаметта а хIоттийна, цуьнан дIа ца кхачош гулделла пенси – 80 400 сом а дIаделла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG