ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь эцначу герзаца нах байина Ставрополерчу пенсионеро


Ставрополерчу Шпаковн кIоштан кхело бехктакхаман гIуллакх айдина 61 шо долчу меттигерчу вахархочунна дуьхьал. ЦУнна тIехь дуьсу ши стаг вер а, бакъо йоцуш герз лелор а.

Талламчаша бахарехь, шоьтадийнахь цуьнан ков тоьхна цабевзачу наха. 43 шо долу стаг а, 16, 19 шерашкара кегийнах а цуьнан кертара эчиг лачкъо баьхкина хила. ХIусамда лахка гIоьртина кхайкхаза баьхкина «хьеший», уьш дIа ца бахча, шен чуьра автомат схьаэцнна, царна тIе герз диттина.

Лен чевнаш хилла 43 шо долу стаг велла оцу сохьта, шолгIа 16 шаре ваьлла жимстаг дарбан хIусамехь кхелхина. 19 шо долу кIант дийна висина, амма чевнашца ву иза.

Бехкевина пенсхо лаьцна латтош ву. Билгаладаьлла, иза цхьанхьа а болх беш цахилар, 1996-чу шарахь Нохчийчохь тIемаш боьлхучу хенахь цигахь цо герз эцна хилар а гучудаьлла.

Талламаш дIахьош бу оцу гIуллакхна гонах, Нохчийчохь иза тIом беш хиллий а къастош.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG