ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Австрехь доьхкур ду никъабаш лелор


Австрин коьрта шахьар Вена, 2017 шо. Маршо Радион корреспондентан сурт
Австрин коьрта шахьар Вена, 2017 шо. Маршо Радион корреспондентан сурт

ГIадужу - беттан 1-чу дийнахь дуьйна дихкина хир ду Австрехь юхь къайлайоккху никъабаш лелор. Кху шеран бIаьста тIеэуначу интерграцех долчу керлачу низамо тIедожадо Альпийн республикехь ураме бовлучара шайн яххьаш гайтар. ТIаьхьарчу шерашкахь бусалба зударшна юккъехь никъабаш лелочийн терахь лакхадаларца доьзна ду и низам тIеэцар.

Билгал маса зуда ю Австрехь никъабаш лелош, хууш дац Австрин Iедалшна а. Меттигерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллехь Маршо Радионе еллачу информацица, гергарчу хьесапехь 100-150 зуда хила тарлуш ду никъаб йоцуш ураме ца йолуш.

Министраллин векало Грюндбок Карл-ХIайнцо дийцарехь, доккхачу декъехь кесталгIа им диллина болу къона австрихойн зударий а, боснихой а, туркой а, Оьрсийчуьра орамаш долу зударий а бу. Цу тIаьхьарчарна юккъе богIуш бу дукха хьолехь нохчийн, суьйлийн зударий.

Маршо Радион информацица, еккъа цхьана Венехь еха юхь къовлуш йолу никъабаш лелочарех 15 гергга зуда. ГIадужу - беттан 1-чу дийнахь дуьйна урамехь никъаб йоьхна гучубовлахь царна 150 евро гIуда тоха йиш ю.

Иштта полисхойн бакъо ю, царна никъаб цу меттехь охьаяккхар тIедожон. Нагахь санна цара иза охьа ца йоккхуш дуьхьало яхь, и зударий полицин декъе дIабига бакъо ю Iедалхойн.

Бакъду, шайн ницкъаца зудчунна тIера никъаб охьаяккха а, цу зудчунна тIекховда а бакъо яц полисхойн.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG