ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу тIеман ницкъашлахь хийцамаш беш бу


Нохчийчохь ОГВС олу дIатарбина Оьрсийчоьнан цхьаьнатоьхна тIеман ницкъаш лахбеш, лилха бохуш бу. Цу хьокъехь Маршо Радиога хаам бо, шен цIе йоккхийла ца луучу Ханкалахь гIуллакх деш волчу эпсаро. ХIинцале хаъал хийцамаш бина. Масала, кхо кIира хьалха дIасахецна Гуьмсан кIоштера батальон а, ишта декхарех мукъадаьккхина 300 сов эскархо волу Хьалха -Мартан тIехь дIатардина тIеман дакъа а.

Цул сов воккхург дIа а воккхуш, пенси ваха хан ерг пенсе а хьажош, хаъал хийцамаш бан болийна Соьлжа гIалахь тIеман ницкъийн меттамотт лаьттачу Ханкалахь а. Цхьаболчара Оьрсийчоьно ловчу халонашца а дузуш, белхалой даржашкара дIабохуш, баккхий хийцамаш беш бу тыловая служба олучу декъехь: гIагI диллина машенаш лелочу а, транспортана ягориг латточу а, некъан низам лардечу а гIуллакхъхошлахь а.

Цу дакъошкахь билггал бакъ а долуш, хIинцале дIабаьхна (замаш бохучу маьIнехь) гIоьнчаш а, гIовсаш а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG