ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кафечуьрчу кхачано талу диначарна гIоле хилла


Соьлжа-Галарчу кафечохь йиинарг цатайна дарбан хIусамашка балийнарш цIа бахийтина, могушалла метта а хIоттийна. Бехкечунна ши шо гергга хан кхачайо набахтехь яккха.

«Кавказан узел» агенталло хьалхо яздинера, Соьлжа-ГIалахь юучух талу даьлла нах лазартне кхачийнера аьлла. Царлахь хилла 7 бер.

Прокуратуран хаамашца, дарбан цIийне верриг а валийнрг хилла 30 сов стаг. Бинчу талламо гайтина, и кхача телхинчу сурсатех кечбина хиллийла.

Карарчу хенахь прокуратурано дIахьош талламаш бу, кафе дIакъевлина, цхьа йист яллалц.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG