ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москох полицино лаьцна оппозиционер Навальный Алексей


Iедалца дага а ца волуш масийттазза акцешка дакъалаца «халкъе кхайкхамаш барна» лаьцна оппозиционер Навальный Алексей. ТАСС агенталле бина и хаам Москохарчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло.

ПIераскан Iуьйранна иза вехачу хIусамна хьалха полицино, бахьанаш а ца хоуьйтуш, сацийнера Навальный, Лахарчу Новгороде митинге ваха дагахь, вокзале воьдучу хенахь.

"О, Лахарчу Новгородехь хIотточу митинге со ваха ца лаьа воккхачу стагна Путинна", - аьлла, яздина оппозиционеро шен Инстаграмехь.

XS
SM
MD
LG