ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Министро дийна ву боху вайна иллиалархо Бакаев


Нохчийчохь вайна иллиалархо Бакаев Зеламха дийна ву аьлла зорбан министро Умаров Джамбулата. И хаам бина цо «Настоящее время» телеканалан эфирехь.

Цо бахарехь, Нохчийчоьнан дозанал а арахьа ша тIехьерчийна цхьа декхарш бахьанехь лечкъина веха иза. Бакаев ша шена пиар ярхьама къайлаваьлла а хила тарло, аьлла министро.

Гоьваьлла иллиалархо Бакаев Зеламха байначу беттан 8 - чохь Соьлжа-ГIалахь варах дуьххьара "Кавказ.Реалии" портало бира хаам.

Иллиалархо Бакаев Зелимха вайна бохуш, хаамашкахь дестийна дийцар «сонта хIума ду» аьллера Нохчийчуьрчу зорбан министро Умаров Джамбулата.

Дпахначу кIирандийнахь Нохчийчохь вайна Бакаев Зеламха Германехь гучуваьлла аьлла, хаам баржийра меттигерчу телевизионехь, видео а гойтуш.

Оцу видеон талламаш бинчул тIаьхьа журналисташа дIакхайкхйира, видеоклип Германехь яьккхина ца хиларх.

Маршо Радион къамел хилира кIентан ненаца Маликица, цхьана а кепара кост кхаьчна дац цуьнгара хIинца а элира цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG