Гуьржийчуьрчу Ахметан кIоштарчу Дуисехь шоьтадийнахь «Панкисоба» олучу даздаршкахь вовшахкхетта гуьржий, кистой, нохчий. Коьрта Iалашо ю оцу бараман - къаьмнийн културан башахаллаш йовзуьйтуш, доттагIалла чIагIдар.
Маршо Радион корреспондента дийцарехь, лерина кху дийнахь Дуисехь схьайиллина керла, нохчийн Iилманча-историкан Авторханов Абдурахьманан цIарх библиотека а. Иза хIинцале а дIаюьзна оцу бараме кхайкхина бахначу Нохчийчуьрчу Iилманан академин декъашхоша а, историкаша а, юкъаралхоша а.
Дийно сарралц майданахь дIахьур бу културан, спортан барамаш: говраш хакхкар, къийсадаларш, концерташ, суьртийн гайтамаш. Нохчийчуьра йоккха тоба а яхна цигахь дакъалаца.
Гуьржийчоьнан Малхбалерчу агIорхьа Нохчийчоьнца доза тоьхна ю ПIаьнказа. Цигарчу бахархоша и де билгладоккху 80-чу шерашкара схьа дуьйна. 90-чу шерашкахь ПIаьнказа герзаца тобанаш а, мухIажирш а леста боьлча, юкъахдаьхнера бахархоша "Панкисоба" олу даздарш.
2010-гIа шарахь дуьйна юха буьйлабелла бахархой цу дийнахь даздарш хIитто.