ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ши шо дуьзна Оьрсийчоьно Шемахь тIеман операци йолийна


Оьрсийчоьнан эскарша Шеман дозанаш тIехь тIеман операци йолийна ши шо дуьзи шоьтадийнахь. Пачхьалкхан президентан Асад Башаран эскаршкахьа узуш схьайогIу Москох. «Исламан пачхьалкх» шех олучу тобанца къийсам латтабо шаьш а бохуш, цара тохарш до Iедална дуьхьал лаьттачу оппозицина.

Малхбузерчу пачхьалкхаша а, бакъонашларъяран организацеша а оцу шина шерачохь масийттазза бехкебира оьрсийн эскарш а, Асадан арми а кеман тохаршца маьрша нах байарна а, ишта химин герз лелорна а.

Кремло чIагIонаш йо, магийна доцу герзаца тIом бийраш радикалан исламхойн тобанаш ю бохуш.

Оьрсийчоьнан тIеман министраллан официалан терахьашца, шина шерачохь верриг а оьрсийн агIор вийнарг ву 40 стаг.

Ткъа бозуш боцчу талламчийн зерашца, Шемахь цхьана карарчу шарахь белларш бу оццул.

Великобританехь куп тоьхначу адамийн бакъонашкахула йолчу Шеман мониторинган центро дIахьедарехь, Шемахь Оьрсийчоьно тIеман компани йолийчхьана 4 эзар гергга маьрша вахархо вийна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG