ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Белоруссина халялан йоьхьаш латто дагахь ю Нохчийчоь


Нохчийчуьрчу «Лидер-А» агрохолдинга карара шо дерзале халялан йоьхьаш латто тIелаьцна Белоруссина.

"Беларуссино дехар дина тхоьга халялан йоьхьаш шайна чукхачаде аьлла. ХIара шо чекхдалале хьалхара парти дIахьажор ю оха. Барам лаххара хир бу, хIунда аьлча, халялан кхача сиха телха", - аьлла, даладо ТАСС агенталло агрохолдинган векалан Дашукаев Iелин дешнаш.

Цо бахарехь, Нохчийчуьрчу сурсаташка шайн интерес юйла хаийтина Туркойчоьно а, Мисарас а.

Хьалхо Къилбаседа Кавказерчу гIуллакхийн министран хьалхарчу гIовсо Байсултанов Одеса дIахьединер, «Кавказехь йина ю» аьлла брендаш Оьрсийчоьнан кхечу регионашкахь а йовзуьйтур ю.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG