ТIекхочийла долу линкаш

"Кавказехь арахецна" брендаш яьржар ю Оьрсийчоьнан йохка-эцаршкахь.

Байначу беттан тIаьххьарчу дийнахь Къилбаседа ХIиричохь Кавказан къаьмнийн спортан а, културан а фестивал дIахьочу дийнахь дуьххьара болхбан йолаелира «Кавказехь арахецначу» брендийн ярмарка.

Масех шо а дара регионийн Iедалша дуьйцу, меттигерчу кхачан сурсаташца Оьрсийчоьнан йохка-эцаре довла деза бохуш.

Эххар а Къилбаседа Кавказан ворхI регионерчу 40 бизнесхочун таро хилира Аланехь йоьдучу ярмаркехь Кавказехь арахоьцу продукци йовзийта.

Хаамийн гIирсашкахь дийцарехь, меттигерчу бахархоша а, дехьа-сехьара баьхкинчу хьешаша а чам баьккхина хIирийн чудун а, башхачу технологица кхехкиначу пивон а, Нохчийчохь арахоьцучу минералан хин а, Налчикера еанчу нехчан, шурин, Кхарачойн-Чергазийчоьнан Iежийн.

Духкуш дара Кавказехь кхуьучу бецаш тIехь кечдина дарбанан хиш а, Къилбаседа ХIирийчохь еш арахоьцу кеосметика а.

Ярмарке веанчу Къилбаседа Кавказерчу гIуллакхийн министран хьалхарчу гIовсо Байсултанов Одеса брендийн ярмарка Оьрсийчоьнан массо а регионашкахь йовзуьйтур йолуш ю элира тIейогIучу хенахь.

Иза тешна ву оцу проекто Къилбаседа Кавказан экономикан нуьцкъалла гойтур хирг хиларх а, хенан йохалла Кавказехь арахоьцучу продукцино Оьрсийчоьнан йохка-эцарехь йоккха меттиг дIалоцур хиларх а.

ХIинцале а кеп-кепара ойланаш йосту эксперташа а, тергамчаша а Къилбаседа Кавказехь керла кхоллаеллачу брендах даьцна.

Цхьаболчеран прогнозца, Iаламат пайде, мехал, тIаьхьалонан а проект ю иза. ХIунда аьлча, регионашлахь экологи уггар а цIена йолчех Кавказ хиларе терра, бахархоша дика тIеоьцур ю Кавказехь арахоьцу продукци аьлла хета, масала, Оьрсийчуьрчу «Интеркомп» аутсорсинг-компанин директорна Тихонов Сергейна.

Ткъа Италин Къилба а, Къилбаседа Кавказан федералан а гонашкарчу консулна Лодиджиани Пьерпаолона хетарехь, регионалан бренд хьалхатоттучу проектехь уггар а хьалха политикан Iалашонаш дIакъасто еза цунах.

Ткъа политикан Iалашо ю боху Италин консула, кхана-лама «Кавказо кхобуш ю Оьрсийчоь» бохуш, дIакхайкхо лаар.

Мел тIаьхьало йолуш а, кхиаме хир ю аьлла хета хьуна Кавказан керла бренд аьлла, хаьттира Маршо Радионо социалан а, экономикан а регионашкара хьал толлучу Центран куьйгалхочуьнга, Къилбаседа Кавказерчу мехкийн эксперте Соколов Денисе.

Соколов: "Дуккхаъчу хIуманех доьзна ду и. И ша идей, хуьлийла и продукци Кавказехь я Оьрсийчохь арахецна, тахана дуьххьара юкъадоккхуш хIума дац и. Даим а цхьаъ волу и дийцаре деш. Изза долийра цкъа Дагестанехь а, Хархаров Абусупьян вице-премьер хIоьттинчу хенахь.

Дагестанехь арахоьцу продукци хьалхататта волавелира иза а. «Дагестан» аьлла йохка-эцаран хIусам а кхоьллира цо.

Iаламат дукха проблемаш ю оцу пиар-гIулчашца ерзалур йоцуш. Цкъа делахь, проблема йоьзна ю Оьрсийчуьрчу йохка-эцарца. Даккхий ахчанаш оьшу гIуллакх долош, и продукци Оьрсийчоьнан йохка-эцаршка дIакхачо. Цкъачунна хIинццалц цхьаннан а ницкъ ца тоьана долийнарг чекхдаккха.

Цундела, суна хетарехь, дика а, нийса а дагадеана хIума-м дара хIара, амма Кавказерчу регионашкахь арахоьцу продукци Оьрсийчуьрчу бахархойн стоьл тIе дIакхачо дуккха а хан оьшу. Цкъачунна дерриг а багахь дуьйцуш ду".

Эксперта Соколов Дениса ма-аллара, цкъачунна дийцар бен кхин цхьалхадаьлла хIуммаъ дац. Цу тIе даккхий ахчанаш а оьшу бизнес кхиош, юкъадахка.

Еккъа цхьа Нохчийчоь схьаэцча а, кIезиг бац банко тешнабехк а беш, долийна гIуллакх юкъахдаккха дезна меттигаш.

Бизнесменаша даим а далхадо, Оьрсийчоьнан банкехь кредит оьцучу хенахь 20 процентал а лахара луш цахилар, ткъа изза Европерчу банкашкахь маьршша декхарваха йиш ю шарахь 2 процент охьа а юьллуш.

Оцу башхаллашца дуьстича шеконаш юьсу, цкъа мацца а кхаьбна а Кавказо Оьрсийчоь кхобур ю бохучух.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG