ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Страсбургерчу кхело харц лерина нохчашна тIехIоьттинчу Дмитриевскийна дина таIзар


Дмитриевский Станислав. Маршо Радион архивера сурт.
Дмитриевский Станислав. Маршо Радион архивера сурт.

Бакъонашларъярхочун Дмитриевский Станиславана 13,6 эзар доллар дала декхарелахь йина Оьрсийчоь Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело, цунна харц кхел ярна. Цунах лаьцна дуьйцуш ду цу институтан сайта тIехь.

2000-чу шерашкахь Дмитриевский куьйгалхо вара «Общество российско-чеченской дружбы» олучу вовшахтохараллан. Цо куьйгалла а деш арахоьцуш дара «Право-защита» газета а.

2004-чу шарахь цу тIехь, Оьрсийчоьнан куьйгалхой тIом болорна бехке а беш, нохчийн хьалханчийн Масхадов Асланан а, Закаев Ахьмадан а кхайкхамаш зорбане бехира Дмитриевскийс.

Иза бехке диллинера бакъонашларъярхочун, цу кепара иза адамашна юкъахь цабезам кхуллуш ву аьлла. 2006-чу шарахь Лахарчу Новгородан Советан кIоштан кхело арахь даккха 2 шо хан кхайкхийра Дмитриевскийна.

Ткъа хIинца и таIзар харцонца дина лерина Страсбургерчу кхело.

Маршо Радионо хьалха дийцина ма хиллара, 20 шо сов хан ю Оьрсийчьурчу бакъоларъярхоша (юхьанца шаьш-шаьш юкъахь а доцуш, тIаьхьо – дуккхъчара цхьаьна) Нохчийчохь лаьттинчу тIемашкахь Оьрсийчоьнан эскарша байинчу, дIабиггарх байначу нахах, царна динчу зуламашна гонахара тоьшаллаш гулдан долийна.

Массех центр ю хIинца и болх беш, архиваш юзуш. Бакъду, яц Оьрсийчохь дозанал арахьа ю, масала, Норвегехь, Швейцарехь. Оцу центршна герга а волуш, церан архиваш юзуш, динчу зуламийн архив кхиочийн могIарахь ву журналист-бакъоларъярхо Дмитриевский Станислав.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG