ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

СаIудин пачхьалкхехь мехкаршна бакъо елла телефонах пайда эца университеташкахь


СаIудин Iаьрбийн пачхьалкх -- Эр-Риядехь, карахь смартфон а йолуш, машен чуьра арайолуш ю жима зуда, Гезг. 27, 2017
СаIудин Iаьрбийн пачхьалкх -- Эр-Риядехь, карахь смартфон а йолуш, машен чуьра арайолуш ю жима зуда, Гезг. 27, 2017

СаIудин Iаьрбийн пачхьалкхан дешаран министро Ахьмад ал-Iийсас омра делла университеташкахь а, колледжашкахь а доьшучу мехкаршна кампусийн территори тIехь мобилан телефонех пайда эца бакъо луш, хаам бо Gulf News. Цо кхайкхам бина новкъарло ян ца оьшу зудаберашна смартфонаш лело аьлла.

И сацам баран бахьана ду кампусийн кевнехь лаьттачу гIаролхоша зудаберашкара телефонаш дIайохуш гинчу дайша-наноша латкъам бина хилар.

Министро дIахьедар дина, университеташкахь доьшуш болу мехкарий хьекъал долуш а, кхетам болуш а, шаьш лело дезарг хIун ду хууш а бу телефонаш лелон аьлла.

Цу сов Эр-Риядехь йолчу паччахьан СаIудан университетехь дIадаханчу кIирандийнахь дуьйна бакъо елла зудаберашна шайн лаамехь шайн мукъа хан кампусашкахь дIаяхьа.

Хьалха 11 далале дешаран сахьташ дIадерзахь, кампусехь биса дай-наношкара бакъо яккха дезаш бара мехкарий.

СаIудин Iаьрбийн пачхьалкхехь мегаш дац зударшна шаьш лела, юххе ваьлла гергара стаг а воцуш. ДIаяханчу аьхка паччахьо Салмана ибн Абдул-Азиз ал СаIуда указ арадаьккхира, зударшна шаьшна пачхьалкхан доьшийлашка баха а, лоьрашна тIебаха а, ткъа иштта кхелашка баха а бакъо луш долу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG