ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанна цхьана ханна куьйгалла дийр ду Васильевс


Путин Владимир а (аьрроагIор), Васильев Владимир а цхьаьнакхетта Кремлехь, Москох.
Путин Владимир а (аьрроагIор), Васильев Владимир а цхьаьнакхетта Кремлехь, Москох.

Оьрсийчоьнан президент цхьаьакхетта Пачхьалкхан Думан вице-спикерца Васильев Владимирца. Путин хаам бина цуьнга, ша иза Дагестанан куьйгалхочун декхарш кхочуш дан хIоттийна иза аьлла.

Цунах лаьцна хаам гучубаьлла Кремлан сайтана тIехь. Васильев вина Подмосковьехь. Цо дешна юристийн институтехь а, Советан пачхьалкхан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Академехь а.

Васильевн ду 68 шо.

Дагестанан куьйгалхочо Абдулатипов Рамазана ша дарж дитарх лаьцна дIакхайкхийра Гезгмашин-беттан 27-чу дийнахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG