ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемахь 12 тIемалойн командир вийна шаьш боху инарло Конашенковс


Шема, Маршо Радион архивера сурт.

Оьрсийчоьнан тIеман министраллан векало инарло Конашенко Игора дIахьедар дина, шайн кеманаша Шемахь ракеташ а, боманаш а тоьхна 12 тIемалойн командир вийна аьлла.

Цо чIагIдарехь, уьш бу "Джабхат ан-Нусра" тобанера нах. Цул сов цу хаамехь дуьйцуш ду цу тобан хьалханча Абу Мухьаммад ал-Джуляни еза чевнаш хилла ву бохуш. И хаам бакъ хиларан кхечу хьасташкара тоьшаллаш дац.

Оьрсийчоьнан тIеман министраллан векло Конашенковс бинчу хаамехь чIагIдеш ду, авиатохар дар бахьана долуш, лаххара а 60 тIемало вийна бохуш

"Джабхат-ан-Нусра" олу тоба кхоллаелла 2012-чу шарахь Дечкен-баттахь, Шеман президентана Асад Башарана муьтIахь болчу ницкъашца къийсам дIабахьа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG