ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Австрехь кхело бехказваьккхина нохчийн жима стаг


Австри -- кхел йоьдуш цо хiун сацам бийр бу ца хууш сингаттамца ладоьгIуш бара Абубакаров Асланан гергарнаш, Корнойбург, ГIад.4.2017

Австрерчу Корнойбург гIаларчу кхело массо а бехкех цIанвина Оьрсийчоьно террорхошца мазаболуш ву аьлла цIе а кхоьллина, дIавоьхуш хилла нохчо.

32 шо долу Абубакаров Асланах лаьцна арз оьрсийн къайлахчу сервисаша австрин Iедале кху шеран бIаьста даийтина, иза садоIа Мисар махка вахана хиларх бахьана а дина, иза террорхошца зIенехь ву бохург чIагIдеш.

И арз бахьана долуш стигалкъекъа баттахь юхьтIе тутмIаьжгаш а йоьхкина чулилхинчу Австрин чоьхьарчу гIуллакхийн министраллера леринчу тобан белхахоша дIа а лаьцна, ши де даккхийтира Аслане набахтехь. Цуьнан кхерчахь лехамаш бинчу царна цхьа а шеконе хIума ца карийра. Абубакаров кхел хиллалца цIаваийтира цул тIаьхьа.

ХIинца Лахарчу Австрин Корнойбург гIалин кхело Абубакаров цунна оьрсийн Iедалша кхоьллинчу харцачу цIарах цIанвеш сацам тIеэцна. Ша Австрехь даьккхинчу 13 шарахь цкъа а меттигера низам хьаьшна а воцуш, болх а беш, ясакхаш а луш, шен доьзална дика да а волуш вехаш ву и кхаа беран да бохуш тоьшаллаш дира цунна кхелехь тешаша а, адвокато а.

Цхьанна а хIуманна Абубакаров бехке а вац, цунна дуьхьал бехкталламан гIуллакх схьадиллина хилла хиларх долу йозанаш цхьанна а официалечу пачхьалкхан регистаршкахь гуш а хир дац аьлла цIавахийтира иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG