БахIрейнан паччахьан гвардин лерринчу тIеман декъан буьйранча шайх Нассер Бин Хьамад Бин Шийса Ал Халифа ву Соьлж-ГIала кхаьчнарг. Цуьнца цхьаьна Нохчийчу хьошалгIа веана БахIрейнан Оьрсийчохь волу векал Ал-Саати Ахьмад.
И шиъ кхаариндийнахь цхьаьнакхетта Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца, дакъалаьцна Ойсхарахь керла социалан гIишлош схьайоьллуш хиллачу церемонехь.
Iаьрбаша дакъалоцур ду тахана Соьлж-ГIалан 199 шо кхачарна хьажийначу даздаршкахь.