ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москох визитаца ву СаIудийн мехкан паччахь Ал СаIуд Салман


Оьрсийчоь -- СаIудийн Iаьрбийн пачхьалкхан паччахь Ал СаIуд Iабдул Iаьзиз Салман, Москох, Внуково, ГIад.4, 2017
Оьрсийчоь -- СаIудийн Iаьрбийн пачхьалкхан паччахь Ал СаIуд Iабдул Iаьзиз Салман, Москох, Внуково, ГIад.4, 2017

Еарин дийнахь Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир цхьаьнакхетар ву СаIудийн Iаьрбийн пачхьалкхан куьйгалхочуьнца Ал СаIуд Iабдул Iаьзиз Салманца. СаIудин паччахь кхаьчна Москох исторехь хьалхарчу визитаца.

Визит дIайолаелира жима-тIама нисделлачу кхачамбацарца – йоьхнера кеманан трап-эскалатор. И бахьана долуш ша охьавосса дийзира паччахьан.

Iабдул Iаьзиз Салмана Москох доккхур ду 4 де. Зорбанан гIирсаша дийцарехь, паччахьан свито дIалаьцна Москох 5 седа болчу цхьана хьешан хIусаман ерриг а чоьнаш.

Кху дуьнентIехь уггаре а дукха мехкадаьтта духкучу СаIудийн пачхьалкхан а, Оьрсийчоьнан а лидерша Москох дийцаре дийр ду мехкадаьтта даккхарца а, ткъа иштта Шемаца а, ГIажарийчоьнца боьзна а цакхетамашца доьзна а хаттарш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG