ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан йолхалгIа гIала хила мегаш ю Ойсхарах


Кадыров Рамзан.
Кадыров Рамзан.

Соьлж-ГIалана 50 километр генахь Iуьллучу Ойсхарах йолхалгIа Нохчийчоьнан гIала хила мегаш ю. Цунах лаьцна дIахьедар дина республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, хаам бо РИА Новости агенталло.

Ойсхарахь шуьйра реконструци йина Нохчийчоьнан Iедалша. Дарбанан хIусамаш а, културан цIа а, спортан а комплекс а, стадион а, кхин йолу керла гIишлош йина цигахь кху тIаьхьарчу масийтта баттахь.

Цул сов Ойсхарахь дина дуккха а петарш йолу 4 цIа а, хала бохкучу доьзалшна хьажийна 50 цIа а.

Ойсхара уггаре а ширачех эвла ю Нохчийчохь. ГIалах тайпа йолчу цу меттехь вехаш ву 12 эзар стаг. Таханлерчу денна Нохчийчохь ю 5 гIала: Гуьмсе, Шела, Устрада-гIала, Хьалха-Мартан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG